Слайд 2Адамашна юккъехь лела оьзда г1иллакхаш довзийтар, уьш дийцар.
Стеган дег1аца йолу
унахц1еналла д1аяьлча, цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар ,цунах дешархой кхетор.
Вайн
дайша лардина оьзда г1иллакхаш дийцина ца 1аш уьш ларда дезарх кхетош-кхиор.
Урокан 1алашо:
Слайд 3 « Г1иллакх ялсаманера схьадеъна», ялсамане духадерза дезаш а ду, ша
лелочу нахаца цхьаьна»
Г1иллакх - динан ах ду.(Г1иллакх довзийтарх а ца
тоьа, нагахь и лелош ца хилча)
Оьздангалла, дуьххьалд1а, х1ора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца 1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю
Слайд 4Стеган дег1аца йолу унах ц1еналла д1аяьлча, цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар.
Слайд 5Г1иллакхо лайх эла вина, г1иллакх ца хиларо элах лай вина
аьлла вайн дайша…
Оцу берaна тle а веъна, иза к1ант вуйла
а хиъна, цунна юххе cовг1атнa шен ворхIазза йолу тапча охьа а йиллина, «Дала беркате доьзалхо войла кхунах, Дала дукхавахавойла хlapa», - аьлла, дlавахна
Слайд 6зудчо коьртара йовлакх даккхар тамашийна, доккха х1ума ду, иза цхьа
йоккха киртиг т1е ца х1оьттича дан йиш йолуш а дац;
цундела и зуда оццул ч1ог1а холча а х1оттийна, шаьш лелориг ма-ледара х1ума ду олий, совцуш хилла уьш, цуьнга йовлакх сихха д1атиллийта, х1унда аьлча, зуда коьрта 1уьйра гича, стигал и ца дезалой, керчий, т1ек1елйолу боху.
Слайд 7Духар уггар хьалха д1адолало коьрта
туьллучу х1уманна
т1ера.
КУЙ
Слайд 8Стаг бераллера валаран, цунна т1е баккхийчеран дукъ дожаран, вуонна а,
диканна а д1ах1отта кийча хиларан билгало ю (доьхка)юкъ ехкар.
Слайд 10 хаттарш
Зуда ялийна меттиг хилча х1ун олу? -
К1ант вича
х1ун олу? –
Ц1ена бедар юьйхина хилча а, эцча а?
Керлачу ц1а чу ваьллачуьнга х1ун олу?
Цхьа бохам хиллачуьнга х1ун олу?
Слайд 11Зуда ялийна меттиг хилча х1ун олу? -(Дала беркате т1аьхье йойла!
)
К1ант вича х1ун олу? – ( Дала беркате доьзалхо войла!
Т1аьхье беркате йойла!
Ц1ена бедар юьйхина хилча а, эцча а? – ( Г1оза лелайойла! )
Керлачу ц1а чу ваьллачуьнга?- ( Х1усамаш Дала беркате йойла,чохь иман, беркат ма эшадойла, ирсе г1уоза дахар хуьлда!)
Цхьа бохам хиллачуьнга х1ун олу?- ( Эзар балех хьалха волийла.Дала диканца меттах1оттадойла хилла зен.)
Слайд 12 Х1етал-металш.
1. Дуьнен чохь цкъа а ца леш ерг?
Дикалла.
2. Барзо шен кан хийцарх,
ца хуьйцуш ерг х1ун ю?
Амал.
3. Нанас шен берана комаьрша кховдошъерг х1ун
ю?
Йовхо.
4. Гергарлонан бух хилла лаьтташъерг х1ун ю?
Марзо
5. Муьлхачу а адамехь ца хилча йиш йоцург х1ун ю?
Адамалла.
6. Кицанахь сарралц бен лаьтташ яц бохуш, юьйцург х1ун ю?
Хазалла.
7. Адаман г1иллакхехь тоьллачух цхьа г1иллакх х1ун ду?
Комаьршалла.
8. Цхьана а садолчу а, садоцчу а х1уманца адамна Дала лело бакъо цаелларг х1ун ю?
Ачо(хьаг1, гамо).
9. Муьлххачу а къийсамехь уггаре а дика герз муьлха ду?
Хьекъал.
Слайд 13Хаттар:Чу-араволуш хьалхе хьаьнга яла еза?
Жоп: Чу-араволуш хьалхе воккхачуьнга а,заь1апчуьнга а
д1аяла еза.
Хаттар: Хьошалг1ахь шена хьалха йиллина юург буха а ца
юьтуш яа еза,я мелла а буха йита еза?
Жоп: Жимма буха йита еза.ша вуззалц йиъна хиларан маь1на ду цуьнан.
-Суна ч1ог1а дика хета шуна иштта дика хууш. Дала и хаарш берашна хьеха кхин а к1орггера хаа пурба лойла вайна.
Г1илкхехь, оьзда лелар
Слайд 14Хьаша вар а, т1еэцар
1. Вевзаш вара, вацара ца бохуш, хене ца хьожуш, т1еоьцуш ду хьаша.
«Вевзаш вацарх, ломахь наха даима оьцу Хьаша т1е» (А.Сулейманов).
Кхин ца масал а далор вай:
-«Ассаламу 1алайкум! Хьаша т1еоьций аша? - Ва 1алайкум вассалам! Йокъанах дог1анна санна, т1ера ду-кха тхо хьешана, - жоп делира лекхачу дег1ахь волчу стага:
- Тхо ч1ирхой ду. Сан ц1е Хасболат ю. Ткъа х1ара сан к1ант ву,
Шахьби. Буьйса яккха меттиг езара тхуна.- Марша вог1ийла хьо! Чоьхьавала. Хьайн ц1а веана хьо»;
Слайд 15Дерзор:
Нохчийн г1иллакх-оьздангалла,васт далош аьлча,цхьа лекха б1ов ю. Вайн къоман х1ора
а чкъуро цхьацца кхериг буьллуш йоьттина,лакхаяьккхина. Цундела х1ора нохчочун декхар
ду и б1ов 1алашъяр,иза кхин а лакхаяккхарехь дакъалацар. Нохчийн г1иллакх-оьздангаллин г1ала замано а йохор яц,нагахь вайх х1орамма а иза 1алашъяхь,шен леларца,вистхиларца,дечу г1уллакхца. Иза лаьттар ю,нохчийн къам мел деха.»